Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шух дийна бисначеран дегнашка кхерам тосур бу Ас, уьш мостагІийн мехкашкахь Іачу хенахь. Дегочу гІанан гІовгІанах а бовдур бу уьш. Туьрах санна, бовдур бу уьш, охьа а оьгур бу, цхьа а тІаьхьа ца ваьллашшехь. Вовшах тийса а луш, галдевр ду шу туьрах девдча санна, шайна тІаьхьаваьлла цхьа а воццушехь. Шайн мостагІашна дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун. ХІаллакве Бавел-махкахь латта дІадуьйш верг а, ялта схьагулдечу хенахь карахь марс берг а. МостагІийн туьрах кІелхьарвалархьама, кхечу къомах верг хІорра а шен къам долчу юхаверза веза, хІорра а шен махка ведда дІаваха веза». «Тхо иза тобан гІиртира, амма цунна дарба ца хилира. Бита иза, хІора а вайн махка дІагІур ду вай, хІунда аьлча цунна йина йолу кхел стигалшка хьалакхаччал ю, иза мархашна тІе хьалаяллал ю».
Выбор основного перевода