Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Веза Эла цунах воьлу, хІунда аьлча Іесачун тІаьххьара де тІекхочуш хилар го Цунна. Уьш, кхера а белла, юхабевлла хІунда го Суна? Царах доьналла дерш а ма эшна, юхахьовса а ца кхуьуш, бевдда боьлхуш ма бу уьш. Массо а агІор къемат ма ду царна тІегІерташ, – боху Везачу Эло. – Массо а тІемалой, байий, дІабаха! Стерчий санна, байархьама дІабига уьш! Къа ду церан! Царна таІзар дан деза де тІекхаьчна». «Хьо чІогІа кура ду, Бавелан къам, цундела Со хьуна дуьхьалваьлла, – боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло. – ТІекхаьчна хьуна таІзар дан деза хан.
Выбор основного перевода