Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Суна хьо вевзаш вара, ненан кийрахь Айса хьо кхоллале а, Аса хьо дІакъастийнера, хьо дуьнен чу валале а. Ас хьо къаьмнашна пайхамар хила дІахІоттийра». Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хІара оьгІазаллин чагІар чохь долу кад дІа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта. Уьш, цу чуьра дІамеллачул тІаьхьа, дІаса а лесташ, хьерабевлча санна лелар бу, хІунда аьлча царна гур ду Аса шайна тІедерзор долу тур». Аса, Везачу Элан карара кад схьа а эцна, цу чуьра Везачу Эло со тІевахийтина долчу массо а халкъашка малийтира. Аса Ярушалайм-гІалане а, ЯхІуд-махкарчу гІаланашка а, церан паччахьашка а, тхьамданашка а цу кеда чуьра малийтира, церан латтанаш дассорхьама а, адамашка, цецбовларца шакарш а етташ, цу меттигийн цІераш а ялош, неІалт алийта. Нах хІинццалц а иштта лела. Аса иштта цу кеда чуьра малийтира: Мисар-махкара паччахь волчу пирІуне а, иштта цуьнан ялхошка а, тхьамданашка а, цуьнан дерриг халкъе а, цигарчу эделла долчу халкъашка а; ІуцІа-махкарчу массо а паччахьашка а; пІелаштамхойн гІаланийн массо а паччахьашка а: Ашкхилун-гІалин а, Іази-гІалин а, Іекхран-гІалин а, иштта Ашдод-гІалин дисинчу декъан а массо а паччахьашка а; Эдом-мехкан а, Муаби-мехкан а, Іаммин-мехкан а бахархошка; Цора-гІалара а, ЦІадан-гІалара а болчу паччахьашка; хІордан йистехь дехаш долчу къаьмнийн паччахьашка; Даддан-гІалане а, Тейма-гІалане а, Буз-гІалане а; шайн гиччош тІера месаш лоргуш мел долчу къаьмнашка а; Іаьрби-махкарчу массо а паччахьашка а; яьссачу аренгахь дехаш долчу тукхамийн массо а паччахьашка а; Зимарера а, Іейламера а, Мадайгара а паччахьашка а; къилбаседехьа долчу уллорачу а, генарчу а латтанашкара болчу массо а паччахьашка тІекІел а. Аса дуьнен тІехь долчу массо а пачхьалкхашкарчу халкъашка малийтира Везачу Элан оьгІазаллин кад. Ткъа Шейшакарчу паччахьо а мер бу тІаьххьара и кад. ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «ДІаала цаьрга иштта: „Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: Сан оьгІазаллин кедара дІа а молуш, даха а дехаш, схьаІеттаде, тІаккха охьа а эгий, кхин хьала а ма гІитта, шайна Аса даийтина долу тур бахьана долуш“. Нагахь санна уьш, хьан карара дІа а эцна, и кад ца молуш дуьхьал бовлахь, ахьа цаьрга ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: аша, хІуъа хилахь а, дІамер бу и кад!“ Со Сайн цІе лелош йолчу гІалина Ярушалаймана Айса дан леринарг дан волалуш ву. Шуна моьтту хир ду шайна таІзар ца деш Аса шу дуьтур ду. Дуьтур дац! Аса туьре омра до, дуьнен тІехь мел болчу нахана таІзар де аьлла, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ярми-ЯхІу, цаьрга дІаала: „Везачу Эло, лоьмо санна, стигалара схьа гІигІ дийр ду. Цо Шен дезачу цІа чуьра нуьцкъалчу озаца къамел дийр ду. ЧІогІачу озаца Цо гІигІ дийр ду Шен махкана дуьхьал. Кемсех мутта а доккхуш, кемсаш а хьоьшуш, чагІар деш болчарна санна мохь беттар бу Цо дуьнен тІехь бехаш болчу массо а нахе. И гІовгІа дуьненан массо а йистошка дІакхочу, хІунда аьлча Везачу Эло къаьмнаш бехкедийр ду. Цо массо а нах кхеле озор бу, ткъа Іесанаш Цо туьре дІалур бу“, – боху Везачу Эло». Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Цхьана халкъана тІера вукху халкъана тІе а кхочуш, бохам бийр бу, ткъа доккха дарц долалуш ду дуьненан генарчу йистошкара. Дуьненан цхьана йистера дуьйна вукху йисте кхаччалц Іохкуш хир ду Везачу Эло хІаллакбинчеран декъий. Цхьа а стаг хир вац царна воьлхуш, цхьаммо а уьш, хьала а эцна, дІабухкур бац. Уьш лаьтта тІехь Іохкуш хир бу, кхо санна. Ткъа шу, церан Іуй, узарш а деш, делха! Шайн лазарш бахьана долуш лаьттахь керча! ГІайгІанаш а еш, лаьттахь керча! Шу дайа деза йолу хан тІекхаьчна. Кегйина еза пхьегІа санна, шу дІасакхиссина а, охьаэгна а Іохкуш хир ду. Іушна кІелхьардовла меттиг хир яц, жен куьйгалхошна дІаловчкъа меттиг хир яц. Іуша орца даккхаре ладогІа! Жен куьйгалхойн белхаре ладогІа! Уьш иштта боьлху, Веза Эла церан дежийла хІаллакьеш волу дела. Везачу Элан дералла бахьана долуш, машаре йолу дежийлаш яссийна хир ю. Веза Эла шен хьеха чуьра арадаьлла долу лом санна ву. Иштта церан латта дассийна хилира, гІело йинчун тур а, Цуьнан чІогІа дералла а бахьана долуш».
Выбор основного перевода