Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хуших дегайовхо хилларш а, Мисарах дозалла динарш а кхоьруш а хир бу, юьхьІаьржа а хІуьттур бу. Набухди-Нецара мисархойн деланийн цІеношкахь цІе латор ю, цигара цІуш я багор бу, я йийсаре дІабуьгур бу. ЖаІуьно шен бедар мезех цІан ма-ярра, Мисар-мохк цІанбийр бу цо, цул тІаьхьа маьрша цигара ара а вер ву. Аса Мисар-мехкан паччахь волу ХьупраІ-пирІун вен гІерташ болчу цуьнан мостагІийн кара дІалур ву иза, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь ЦІадукъ-ЯхІу Аса иза вен лоьхучу цуьнан мостагІа волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дІа-ма-валлара’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас цІуш а бохор бу, Нуп-гІалара харцделанаш а хІаллакбийр бу. Мисар-махкахь кхин хир вац куьйгалхо. Ас кхерам тосур бу Мисар-махкахь бехаш болчеран даг чу. Ас ПатІрус-кІошт яссор ю, ЦоІан-гІалина тІе цІе хьажор ю, ткъа Ну-гІалина кхел йийр ю. Ас Сайн оьгІазалла Мисар-мехкан Син цІе йолчу чІагІонна тІе йоссор ю, Ну-гІалахь дерриг адам а хІаллакдийр ду. Ас Мисар-махкана тІе цІе хьажор ю, ткъа Син лазаршка хьийзайойтур ю, Ну-гІала а хІаллакьхир ю, дийнан юккъехь Нуп-гІалина тІелетар бу мостагІий.
Выбор основного перевода