Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела боху берриге а ницкъийн Хьалдолчу Эло, Исраилан Нуьцкъалчо: «Сайна дуьхьалбевллачех Со паргІатвоккхур ву Аса, Сайн мостагІашна бекхам бийр бу Аса! Берриг а ницкъийн Везачу Элан де догІур ду курачунна а, дегалчунна а, айаделлачунна а – уьш берриш а охьатаІор бу. Делха, герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг а хІаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. Везачу Эло боху: «Сан тур стигалахь, дераллах даха а дехна, кечдина ду. Хьовсал, кхел ян езачу а, Аса дерриг хІаллакден долчу а Эдоман халкъана тІедуссуш ду иза». Везачу Элан тур цІийх дузур ду, махьарх а дазлур ду – Іахарийн а, бежалойн а цІийх дузур ду, уьстагІийн жаннаш тІерачу махьарх а дазлур ду иза. ХІунда аьлча Бацар-гІалахь сагІа даккхар а, Эдоман лаьтта тІехь, доккха цІий Іанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан. Дуьненан цхьана йистера дуьйна вукху йисте кхаччалц Іохкуш хир ду Везачу Эло хІаллакбинчеран декъий. Цхьа а стаг хир вац царна воьлхуш, цхьаммо а уьш, хьала а эцна, дІабухкур бац. Уьш лаьтта тІехь Іохкуш хир бу, кхо санна. ТІеман маьхьарий детташ, цунна го бай, дІахІитта. Тахана ша мостагІийн кара дІаелла Бавел-гІалано, йохийна цуьнан бІаьвнаш, цуьнан пенаш охьаэгна. Веза Эла волчу Аса цунна бекхам беш хиларна, аша а бекхам бе цунна. Цо кхечу къаьмнашна тІехь деш дерг аша а де цунна тІехь. (КІелхьардовлархьама Бавел-махкара дІаидинчу адамаша бохучуьнга ладогІа! Цийон-лам тІе схьа а баьхкина, цара дуьйцу вайн Везачу Дала динчух лаьцна. Шен дезачу цІенна динчунна Цо бекхам барх лаьцна дуьйцу цара.) ЭхІ, ма де ду-кх иза! ХІунда аьлча герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг хІума а хІаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. Лакхийша маІа Цийон-лам тІехь! Орца даккхийша Сан безачу лам тІехь! Бегабойла хІокху мехкан берриг а бахархой, хІунда аьлча Везачу Элан де тІедогІу, иза герга ду. Хьалдолчу Элана хьалха дист ца хуьлуш дІасовца! ХІунда аьлча гергадеана Везачу Элан де. Везачу Эло кечбина сагІина урс хьакха леринарг, схьакъастийна Ша кхайкхинарш.
Выбор основного перевода