Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дебирас, Наптал-махкарчу Кхедашара Аби-НуІаман кІант Баракх ша йолчу схьа а кхайкхина, цуьнга элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала хьуна тІедуьллу: „Ваха а гІой, Напталинний, Забуланний тІаьхьенах волу итт эзар стаг вовшах а тохий, уьш Табур-лам тІе дІабига. ХІинца ахьа, хьайн ялхой а бахийтий, дерриг а Исраилан халкъ а, Изабала дола деш волу БаІал-делан виъ бІе шовзткъе итт пайхамар а, Ашера-делан виъ бІе пайхамар а схьагулвайта Кармал-лома тІе суна хьалха». Ахьаб-паччахь яий, малий дІавахара. Ткъа Эли-ЯхІу Кармал-ломан бохьа тІе велира. Цигахь цо, лаьтта кхаччалц охьа а таьІна, шен корта голашна юккъе нисбира. Ша ворхІазлагІа вахана схьавеача, ялхочо элира: «Адаман кераюккъалц йолу цхьа жима марха ю хІорда тІера хьалайолуш». Эли-ЯхІус элира: «Вало, Ахьаб-паччахь волчу а гІой, цуьнга дІаала: „Хьайн гІудалкх а йожий, цІа верза, догІано хьо сацавале. Хьо хІинцца дІа ца водахь, догІано сацор ву хьо“». Къилбаседехьа а, къилбехьа а ерг Ахьа кхоьллина. Табур-лам а, Хьермон-лам а Хьуна баккхийбеш бу. Бассалуш бу Муаби-мохк, цуьнан гІаланаш а ю йогуш, цуьнан тоьлла кІентий а бу хІаллакьхуьлуш, – боху Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу Паччахьо. – Кармал-ломан боххьехь къайлабевлча а, цигахь а, схьа а карийна, схьалоьцур бу Ас уьш. Сан бІаьргашна хьалхара дІабевлла, хІордан бухахь уьш дІаловчкъахь а, цигахь а Ас хІордан лаьхьане омра дийр ду, уьш лаца аьлла.
Выбор основного перевода