Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло буьрса а, доккха а Эпрат-хи хоьцур ду цунна тІе – иза берриг а шен ницкъаца волу Ашур-мехкан паччахь хир ву. И хи, шен дерриге а хоршара ара а даьлла, массо а бердаш тІе дер ду. ЯхІуд-махкахула дІа а дахана, иза хьала а буьзна, лаккха хьаладер ду иза, лога кІел кхаччалц. Іимануал, Хьан латта мел ду дІасадаьржар ду иза, дІасадахийтинчу тІемашца санна!» Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехь хиш ду хьаладовлуш, ткъа царах тІехйолу Іовраш хир ю. Уьш тІеевр ю пІелаштамхойн махкана а, цу тІехь мел долчу хІуманна а тІе, гІаланашна а, царна чохь Іаш долчу адамашна а тІе. Цигара нах орца даха буьйлалур бу, махкахь мел Іаш берш боьлхур бу.
Выбор основного перевода