Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Маданхоша, Исраилан лаьтта тІе а баьхкина, цигахь шайн четарш дІахІиттийра. Цара шайца шайн доьзалш а, шайн бежанаш а схьадалийнера. Уьш, цІоз санна, дукха бара, церан эмкалш а ягар ца яллал дукха яра. Цу лаьтта тІе а баьхкина, цара массо а хІума хІаллакдинера. Цо дагарца луьста хьун хьокхур ю, Нуьцкъалчун куьйгах Ливанунан хьаннаш оьгур ю. Аша динчу гІуллакхе хьаьжжина таІзар а дийр ду шуна, – боху Везачу Эло. – Аса шун паччахьан цІахь цІе латор ю, цо гонах мел долу хІума дагор ду». Шу долчу Ас тІехецначу эскаро – цІазан хьалхара арданго а, цІазан кхин мел йолчу ардангаша а – хІаллак мел динарг, Ас меттахІоттор ду.
Выбор основного перевода