Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу паччахьо боху: «Сайн куьйган ницкъаца а, сайн хьекъалца а дина ас иза, хІунда аьлча со хьекъал долуш ву. Ас халкъийн дозанаш дІадаьхна, церан хьал схьадаьккхина. СтаргІано санна аса паччахьаш шайн гІанташ тІера чукхиссина. Веза Эла емал а веш, хьайн геланчашкахула ахьа бохура: ‹Сайн дуккха а йолчу гІудалкхашца ломан лакхенашка хьалаваьлла со, Ливанунан уггар лакхарчу регІа тІе. Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а, тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса. Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а, къаьсттина юькъачу хьуьне а кхаьчна со. «Адаман кІант! ХІара тийжам Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунах лаций дІаала: „Хьо халкъашна юкъахь къона лом санна хета, амма билггал аьлча, хІорда чуьра саьрмик санна ву хьо! Хьайн хишна чохь хьайн мерІуьргашца синош доху ахь, хьайн когашца хи а даржош, иштта и хи дІаса а детташ“».
Выбор основного перевода