Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда лела хьо хьайн некъаш хуьйцуш? Мисар-махкаца барт а беш, хьо юьхьІаьржачу хІуттур ду, Ашур-махко ма-хІоттора. «ЯхІуд-мохк боьлхуш бу, цуьнан гІаланаш маргІалъюлу. Церан нах, тийжаш, Іохкуш бу, Ярушалаймера орца ду доккхуш. Ну-Амин-гІаланал гІолехь-м яц хьо, хиша го а бина, Нил-хина юххехь йолчу? Хих цунна чІагІо хилла, хи цунна гІалин пен санна хилла. Хуша а, Мисар-мохк а хедар боцу цуьнан ницкъ хуьлура. ПІатІа а, Лива-мохк а цуьнга гІо лаца богІура. Амма иза кхечанхьа яьккхина, иза а йийсар дина ю. Цуьнан кегий бераш урамаш вовшах мел кхетачохь кегдина, ткъа церан цІеяхначарах лаьцна кхаж туьйсура, церан хьалдолу нах буржалш тоьхна бу.
Выбор основного перевода