Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло мадайхойн паччахьийн са карзахдаьккхина, хІунда аьлча Иза Бавелан къам хІаллакдан воллуш ву. Цу тайпана Цо бекхам бийр бу Бавелна, цара Шен дезачу цІенна динарг бахьана долуш. ТІеман хьаькамаша омра до: «Схьаэца шайн турсаш, ирде пхерчий! Байракх хьалаайарца омра де Бавел-гІалин пенашна тІелата, гІарол а чІагІде, массо а меттехь гІаролхой дІа а хІиттош, мостагІчунна кІелонаш а кечъе!» Везачу Эло Бавелан бахархошна Ша дан леринарг дерриг а кхочушдийр ду. Уьш хьуна тІелетар бу герзашца а, гІудалкхашца а. Церан йоккха тоба хир ю, доккхачу а, жимачу а турсашца а, гІемашца а. Цара хьуна го бийр бу, ткъа Ас хьо церан кара дІалур ю, цаьрга хьуна тІехь кхел яйтархьама. Иштта цара, шайн Іадаташка хьаьжжина, хьуна таІзар дийр ду. Бохам бийриг хьуна дуьхьалгІаьттина, ва Нунав-гІала! Іалашъе хьайн чІагІонаш, ларбе хьайна тІебогІу некъ, хьайн гІодаюкъ ехка, схьагулбе ницкъ. Хьайна го лоцучу ханна хи кечде, хьайн чІагІонаш чІагІъе, хотта юкъа гІо, поппар хье, кибарчигаш еш йолу кепаш кечъе.
Выбор основного перевода