Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь вашас, къий а велла, доьзалан латта дІадохкахь, цунна гІо дан дезаш волчу гергарчу стага, ван а веана, цо доьхкинарг юхаоьцур ду. Хьоьга иза дІахазийта сацам бина ас. ХІара нах а болуш, массо а сан халкъан къаношна а хууш, и дакъа ахь дІаэца, хьо юххера гергара волу дела. Хьайна и эца лаахь, эца, ткъа эца ца лаахь, соьга схьахаийта. Хьо воцучун цкъа цхьанна а и схьаоьцийла дац, хьол тІаьхьа эца йиш ерг со ву». Вукхо ша оьцу элира. ХІара дешнаш Бен-Яманан тайпанан лаьтта тІехь лаьтташ йолчу Іанатот-гІаларчу динан дайх цхьаъ волчу а, Хьалкхи-ЯхІун кІентех волчу а Ярми-ЯхІун ду. Иштта кхочушхилира Ярми-ЯхІус аьлла долу дешнаш: «Схьаийцира цара мах хІоттийна волчунна тІера ткъе итт дато ахча. Иштта бара исраилхоша цуьнан хадийна болу мах.
Выбор основного перевода