Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІаяханчу хенахь Со хьожуш вара и халкъ орамашца дІадаккхийта а, дохийта а, кагдайта а, хІаллакдайта а, цунна тІе бохамаш байта а. Иштта, хиндолчу хенахь хьоьжур ву Со уьш меттахІиттадайта а, лаьтта тІе дІадогІийта а, – боху Везачу Эло. – «ТІекхочур ду, – боху Везачу Эло, – Ас Исраилан халкъана а, ЯхІудан халкъана а дина дика ваІда кхочушден денош. ХІунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шун дайша Со оьгІазвахийтинчу хенахь, Ас шу таІзар дан билгалдаьхча, Ас Сайн кхел дІа ца яккхаре терра, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас юха а билгалдаьккхина хІокху деношкахь ярушалаймхошна а, ЯхІудан халкъана а дика дар. Ма кхералаш!
Выбор основного перевода