Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечу гІуллакхашна тІехь а, шун кийрара а, шун хьайбанех а, шун лаьтта тІера а схьадаьллачунна тІехь а тІех дукха кхиамаш хуьлуьйтур бу. ХІунда аьлча Веза Эла, шуна дика а деш, шух юха а воккхавийр ву, шун дайх воккхавеш ма-хиллара. Церан диканна Аса церан терго йийр ю, уьш хІокху махка юха а балор бу. Аса уьш юхаметта а хІиттор бу, бохор а бац. Аса уьш дІабугІур а бу, орамашца схьабохур а бац. Ас шайн лаьтта тІе охьаховшор бу исраилхой. Уьш кхин Ас царна деллачу лаьтта тІера лелхийна лелор бац», – боху хьан Везачу Дала. Шун Веза Дела шуна юкъахь ву, Иза шу кІелхьардоху тІемало ву. Шух сакъералуш воккхавер ву Иза, Шен безамца шу карладохур ду Цо, шух воккха а веш, йиш локхур ю Цо».
Выбор основного перевода