Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхин а элира цуьнга Везачу Эло: «Хьайн куьг чета диллал». Мусас куьг чета диллира. Юха цо иза схьадаьккхича, ло санна, кІайн хьаьттарш тІехь а йолуш, цамгар лаьцна хилира куьг. «ХІинца юха а куьг чета дилла», – элира Везачу Эло. Куьг юха а чета диллира Мусас. Цо иза схьадаьккхича, хьалха ма-дарра, могуш дара куьг. Ас Сайн ницкъ гайта витина хьо, дуьнен тІехь массо а адамна Сайн цІе йовзийта. Мисархошна шаьш тхан дайл лакхара хетийла Хьуна хууш долу дела, тамашийна билгалонаш гайтира Ахьа пирІунна а, цуьнан элашна а, цуьнан массо а халкъана а дуьхьал. Цундела Хьо цІеяхана хилла дІахІоьттира таханлера де тІекхаччалц а. Хьо болчохь, Мисар-мохк, Цо тамашийна билгалонаш а гайтина, инзаре хІуманаш пирІунна а, массо а цунна уллорачарна а тІехецна. Ткъа хІинца, Хьалдолу Дела, Ахьа Хьайн ницкъ болчу куьйгаца Хьайн халкъ Мисар-махкара арадаьккхина. И дар бахьана долуш Ахьа таханлера де тІекхаччалц хьалаайина Хьайн цІе. Оха къинош а летийна, хьарамдерг а лелийна.
Выбор основного перевода