Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. Везачу Эло иштта боху: «Аса дуьйцур ду хьуна исраилхойн лулахошна Айса ден дерг. И нах чІогІа вон нах бу, уьш Аса исраилхошна делла долчу латтанашна тІелетта. Аса уьш шайн мехкашкара аракхуьссур бу, царна юккъера ЯхІудан тІаьхье схьайоккхур ю. Амма уьш орамашца дІабаьхначул тІаьхьа, Аса царах кхин а къинхетам бийр бу. ХІора къам Аса шен-шен махка а, лаьтта а тІе схьадалор ду. Аса-Айса бийр бу шуна дуьхьал тІом, кховдийначу куьйгаца а, нуьцкъалчу пхьаьрсаца а, Сайн оьгІазаллица а, дераллица а, чІогІачу моханца а. Аса уьш дІалаьхкина болчу массо а мехкашкара Сайн дисина долу жа схьа а гулдийр ду, шайн дежийле юха а дерзор ду. Цигахь церан бераш хир ду, церан тІаьхье стам а лур ю. Цо олалла дечу деношкахь ЯхІудан халкъ паргІат хир ду, ткъа Исраилан халкъ сашортехь Іийр ду. Цуьнан цІе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“. Ас цаьрца машаран барт бийр бу, цу лаьтта тІера къиза акхарой а дІайохур ю. Сан жа цхьа а кхерам боцуш аренгахь дехар ду, цо хьаннашкахь буьйсанаш а йохур ю.
Выбор основного перевода