Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мулка-далла сагІа даккха хьайн бераш дІа ма ло, хьайн Делан цІе иштта сийсаз ма е. Со Веза Эла ву. Иза иштта хилира, Зимарис Везачу Элана зуламе хета гІуллакхаш лелорна а, ЯрбаІама летийна доллу къинош а летош, иза цуьнан некъашца леларна а. ЯрбаІама санна, цо а къинош летадайтира Исраилан халкъе. Маннаша шен кІант цІерах чекхвоккхуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тІедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгІаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гІуллакхаш леладора цо. Бен-ХІинам-тогІи чохь йолчу Тупатахь цара сагІа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кІентий а, зудабераш а дагорхьама. И хІума Аса царна тІе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. Гунаш тІехь цара БаІална сагІа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кІентий, БаІална лерина долу дагоран сагІа санна, цІерца багорхьама. И хІума Аса царна тІе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац.
Выбор основного перевода