Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Іайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагІанаш а, шайн кхидолу сагІанаш а, шайна йолучу санан уьтталгІа дакъош а, шайн совгІаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваІда а деш, шаьш йинчу чІагІонца къастийна мел дерг а. Везачу Элан цІа чохь а цІушна сагІа доккху кхерчаш дІахІиттийра Маннаша, оцу цІийнах лаьцна «Ярушалайм-гІалахь Сайн цІе абаденна язъяйта лаьа Суна» – Везачу Эло аьлла доллушехь а. Везачу Элан цІа чохь а цІушна сагІа доккху кхерчаш дІахІиттийра Маннаша, оцу цІийнах лаьцна «Ярушалайм-гІалахь Сайн цІе абаденна язъяйта лаьа Суна», – аьлла доллушехь Везачу Эло. Везачу Элан цІийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагІа доккху кхерчаш дІахІиттийра цо. Суна вон хеташ долу хІума дина ЯхІудан халкъо, – боху Везачу Эло. – Сан цІе лелош долчу цІа чохь цара шайн дегаза цІуш дІахІиттийна, и цІа бех а деш. Бен-ХІинам-тогІи чохь йолчу Тупатахь цара сагІа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кІентий а, зудабераш а дагорхьама. И хІума Аса царна тІе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. Цо соьга элира: «Адаман кІант! Къилбаседехьа дІахьажа». Со къилбаседехьа дІахьаьжира. Цу меттехь долчу кевнан къилбаседехьарчу агІор сагІа доккхучу кхерчана уллохь лаьтташ эмгаралла хуьлуьйту цІу вара. ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант! Хьуна гуш дуй исраилхоша кхузахь деш долу дегаза гІуллакхаш, Соьга Сан еза меттиг а юьтуьйтуш? Хьо кхин а дика хьажахь, хьуна кхин а чІогІа дегазниг а гур ду».
Выбор основного перевода