Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма уьш, карзах а бевлла, Хьуна дуьхьалбевлира! Ахь беллачу товрат-хьехамаш тІера уьш дІабирзира. Хьан пайхамарша уьш чІогІа боьхура, Хьуна тІе юхаберза бохуш, амма цара и пайхамарш байира. Тхан дайша Хьуна дуьхьал Іеса къамелаш дора, Аса шу токхечу лаьтта тІе схьадалийра, цуьнан ялта а, дика хІуманаш а шуьга яийта. Амма аша, схьа а даьхкина, Сан латта бехдира, Сан долахь долчух аша дегаза меттиг йира. Амма шун дайша Соьга ла а ца дугІура, Со тергал а ца вора. Мелхо а, шайн вочу дегнийн аьрхалле хьаьжжина лелара уьш. Аса царна тІедиллина и барт кхочушбе аьлла, амма цара иза кхочуш ца дина. Цундела Аса массо а хІокху бертан таІзарш царна тІехьажийра“». Шен леш болчу пайхамаршкахула баийтина болу Цуьнан хьехамаш кхочушбархьама, тхайн Везачу Делан озе ла ца дугІура оха. Дерриг а Исраилан халкъо дІатеттира Хьан товрат-хьехамаш. Хьан озе ла а ца дугІуш, иза дІадирзира Хьоьгахьара. Цундела вайх неІалт а, сардам а бахана, цу Делан лай волчу Муса-пайхамаро шен товрат-хьехамаш тІехь язбина болу, хІунда аьлча Далла хьалхахь вай къинош хьерчийна. ТІаккха Дала кхочушдира тхоьга а, тхан мехкан куьйгалхошка а аьлла долу дешнаш. Цо тхуна тІе вуно боккха бохам баийтира. Ярушалайм-гІалина тІехь хилларг цкъа а стигал кІел хилла а дац. Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тІехь яздина ма-хиллара, бохам беана тхуна тІе. Амма къинош леточуьра юха а доьрзуш, Хьо тешаме хиларан терго а еш, оха ца лийхира тхешан Веза Дела тхаьшна резахилийтар. Везачу Эло, нийса хан тІеяре а хьаьжна, вайна и бохам бина, хІунда аьлча Ша деш долчу массо а гІуллакхашна тІехь бакъ ву вайн Веза Дела, амма вай ла ца дугІура Цуьнан озе.
Выбор основного перевода