Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, шеран уьтталгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тІамца тІевахара. ГІалина уллохь меттамотт дІа а хІоттийна, ерриг а гІалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама. ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до цхьайтталгІа шо тІекхаччалц гІала го бина лаьттира. ЯхІудхойн паччахь волу Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгІачу шарахь Везачу Элера ЯхІудан дерриге а халкъах лаьцна болу хаам кхечира Ярми-ЯхІуга. (Иза Набухди-Нецар Бавел-махкахь паччахь дІахІоьттина хьалхара шо дара.) ЯхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу паччахьаллехь волу уьссалгІачу шеран уьтталгІачу баттахь Бавелан паччахь Набухди-Нецар, дерриг а шен эскар а далош, Ярушалаймана го а бина, дІахІоьттира.
Выбор основного перевода