Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элана дан хала хІумма а дуй? ХІан-хІа! Айса ма-аллара, Со бІаьста юхавогІур ву, цу хенахь Саратан кІант хир ву». Везачу Элана хьалха доІа а деш, Хьузакх-ЯхІус элира: «Каруб-маликашна тІехула йолчу Іаршна тІехь охьахиъна Іаш волу, Исраилан халкъан Веза Дела! Дуьнен чуьра массо а пачхьалкхийн Дела Хьо цхьаъ ву. Ахь кхоьллина стигал а, латта а. «Каруб-маликашна тІехула йолчу Іаршна тІехь охьахиъна Іаш волу, Исраилан халкъан Дела волу массо а ницкъийн Веза Эла! Дуьнен чуьра массо а пачхьалкхийн Дела Хьо цхьаъ ву. Ахь кхоьллина стигал а, латта а. Шайн бІаьргашца стигала хьалахьовсал! Хьан кхоьллина и дерриге а седарчий? Эскар санна цхьацца арадоккхучо уьш кхоьллина. Цунна церан хІораннан цІе хаьа. Цуьнан ницкъ сел боккха хиларна, царах цхьа а вовш вац. Ахь хІунда боху, Якъуб, арз хІунда до, Исраил: «Сан некъ Везачу Элах лачкъийна бу, сан гІуллакх Далла дицделла», – бохуш? Хьуна ца хаьа? Хьуна ца хезна? Веза Эла гуттар а волуш волу Дела ву. Цо лаьттан йистош кхоьллина. Иза цкъа а кІад а ца ло, хІотта а ца хІутту. Цуьнан хьекъалх цхьа а кхетар вац. ТІаккха аса элира: «Хьалдолу Эла! Суна ца хаьа муха ала деза, со хІинца а дукха жима ма ву». ТІаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Эла! ЯхІудан а, Ярушалайман а халкъ ледеш хилла те Ахьа, цаьрга: „Шу долчохь машар хир бу“ бохуш, церан логе тур хІоттийнашехь?» ‘Сайн боккхачу ницкъаца а, тІекховдийначу куьйгаца латта а, адамаш а, лаьтта тІера бежанаш а кхоьллина Аса. Сайна мел луучун кара Аса и латта дІало. «Ярми-ЯхІу, Со – Веза Эла ву, массо а адамашна тІехь Дела волу. Соьга далур доцуш цхьа хІума дуй те?»
Выбор основного перевода