Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Везачу Эло, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, нагахь Шаптин кІант волчу ЭлишаІан корта тахана цуьнан белшаш тІехь бисахь!» – элира паччахьо. Исраилхойн паччахьо геланча вахийтира ЭлишаІана тІе. ЭлишаІ шен цІа чохь вара. И волчохь хевшина Іаш къаной а бара. И геланча шена тІе а вале, ЭлишаІа элира: «Суна хаийтинарг хаьий те шуна? Оцу адамаш хІаллакдеш волчо, сан корта тІерабаккха, цхьаъ схьахьажош ву! И геланча схьакхаьчча, неІ дІакъовлалаш! НеІ тІе а таттий, чу ма виталаш иза. Цунна тІаьххье схьавогІучу цуьнан олахочун когийн тата а ду суна хезаш!» Цул тІаьхьа, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу а, цуьнан тхьамданаш а, цу гІалара Іожаллин уьнах а, туьрах а, мацаллах а кІелхьардаьлла долу халкъ а дІалур ду Аса бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецаран кара а, уьш байа лууш болчу церан мостагІашна а. Набухди-Нецара уьш туьраца хІаллакбийр бу. Цо уьш кхоор а бац, царах къа а хетар дац, къинхетам а бийр бац“. Ярми-ЯхІус Везачу Эло шега дІаала аьлларг дерриге а халкъе дІаэлира. Эццахь динан дайша а, пайхамарша а, халкъо а иза схьа а лаьцна, цуьнга элира: «Хьо вала веза! ХІунда бо ахьа Везачу Элан цІарах хаамаш, хІокху Везачу Элан цІенна Шилун-гІалина диннарг дийр ду, хІара Ярушалайм-гІала йохийна а, яссийна а дІахІоттор ю бохуш?» Массо а халкъ Везачу Элан цІийнан кертахь дІахІоьттира, Ярми-ЯхІуна дуьхьал а даьлла. Ткъа хІинца Аса хІара массо а хІума Сайн лай волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дІало. Аса аренан акхарой а цунна гІуллакх дан дІало. «Иштта боху Исраилан Везачу Дала: „Ваха а гІой, яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІуга дІаала, иштта боху Везачу Эло: ‘Ас кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дІалур ю, тІаккха цо иза цІарца ягор ю. Хьо а вер вац цуьнан куьйга кІелара. Схьа а лаьцна, хьо а цуьнан кара дІалур ву, хьан бІаьргашца Бавелан паччахь гур ву хьуна, юьхь-дуьхьал цуьнца къамел дийр ду ахь. ТІаккха хьо Бавеле дІавуьгур ву’.
Выбор основного перевода