Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан ден вешин кІанта Хьанамиала, Везачу Эло ма-аллара, со волчу а веана, элира: «Іанатот-гІалина уллора, Бен-Яманан латтанаш долчуьра сан кха хьайна дІаэца, хІунда аьлча вайна юкъахь долу гергарло бахьана долуш хьан бакъо ю иза эца а, хьайн дола даккха а. Цундела и латта хьайна дІаэца». ТІаккха суна хиира соьга хилла хаам Везачу Элера буйла. Хьажахьа, мостагІаша гІалина гонах, латта хьала а тесна, гунаш дина, шайна иза схьаяккха атта хилийта. Туьро а, мацалло а, Іожаллин уьно а гІалина тІелеташ болчу хашадхойн кара дІадолуьйтур ду цуьнан халкъ. Веза Эла, Ахьа аьлларг хуьлуш лаьтташ ду, иза Хьуна гуш а ду.
Выбор основного перевода