Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къа ду хьан, къилахь къам, къинойх дуьзна долу халкъ, зуламхойн тукхам, талхаран тІаьхье! Веза Эла дІа а тесна, Исраилан халкъан Везачу Делах а ца даьшна, Цунна букъ берзийна аша. Шуна кхидІа а хІунда таІзар дан деза? Шу кхидІа а хІунда дуьхьалдовлу? Берриг а корта цамгар кхетта бу, дерриг а дог гІелделла ду. Когийн айрашна тІера хьеюккъе кхаччалц дийна меттиг яц хьан дегІа тІехь. ДегІа тІехь чевнаш ю, сурхаш евлла, делладелла даьІнаш ду. Уьш цІан ца дина, дІа ца дихкина, царна даьтта ца хьаькхна, лазар лахдархьама. «Къола дечохь схьалаьцначу къуьнна эхь хетийтаре терра, юьхьІаьржачу хІоьттина Исраилан тІаьхье – къам а, паччахьаш а, баьччанаш а, церан динан дай а, пайхамарш а. Ва Веза Эла! Тхан паччахьаш а, элий а, дай а юьхьІаьржачу хІиттина бу, оха Хьуна хьалха къинош летийна дела.
Выбор основного перевода