Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Латта декъалуш ду, латта аталуш ду, иза чІогІа дегош ду. „Исраилан халкъан Везачу Дала боху: Шун карахь болу тІемалой гІалина го бинчу бавелхойн паччахьца а, хашадхошца а хІинца гІалин пенашна арахула тІом беш бу. Амма Аса и тІемалой гІалин юккъе юхаберзор бу. «Уьш Бавеле дІахьур ю, царна тидам бан беза Аса сацам бечу денна тІекхаччалц уьш цу гІалахь а хир ю, – боху Везачу Эло. – Цул тІаьхьа Аса оцу метте уьш юха йоуьйтур ю». Делахь а, ладогІа Везачу Эло бохучуьнга, яхІудхойн паччахь ЦІадукъ-ЯхІу! Везачу Эло хьох лаьцна иштта боху: ‘Хьо туьро вуьйр вац. Хьо маьрша лийр ву. Хьол хьалха паччахьаллехь хилла болу хьайн дайн сийнна хаза хьожа йогІу хІуманаш ягош ма-хиллара, дІавуллучу хенахь хьан сийнна а изза дийр ду, ткъа хьуна тийжаш хир бу, ‹Маржа-яІ, тхан паччахь!› бохуш. Цу тІехь Ас дош ло хьуна’“», – боху Везачу Эло. Ткъа ЦІадукъ-ЯхІу, бІаьргаш а баьхна, буржалш а тоьхна, Бавеле дІавига кечвира. «Хаттар де оцу аьрхачу халкъе: „И хІуманаш хІун маьІна долуш ду хаьий шуна?“ – алий. ТІаккха дІаала цаьрга: „Хьалхара аьрзу – Бавелан паччахь ву. Цо, Ярушалайме а веана, шеца Бавеле дІабигира паччахь а, цуьнан элий а.
Выбор основного перевода