Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бераша дечиг лахьадо, дайша цІе латайо, зударша бод хьакхабо, стигалан зуда-паччахьна хьокхамаш дотту. Цара кхечу деланашна чагІаран сагІанаш охьадутту, Со оьгІазвахийтархьама. Ярушалаймера цІенош а, яхІудхойн паччахьийн цІенош а – шайн цІенойн тхевнашна тІехь стигалийн ницкъашна кІур тоьхна а, кхечу деланашна чагІаран сагІанаш даьхна а долу массо а цІенош – Тупат санна, Далла хьалха боьха хир ду“». Аса сацам бина хІокху гІалина бохам баккха, Аса цунна диканиг дийр дац, – боху Везачу Эло. – Ярушалайм-гІала бавелхойн паччахьан кара дІалур ю, ткъа цо иза цІергахь ягор ю’“». Ткъа хашадхой, Ярушалайме юха а бирзина, хІокху гІалина дуьхьал кхин цкъа а тІом беш дІахІуьттур бу. Схьа а яьккхина, иза цІергахь ягор ю цара“. Аша шайна дуьхьал тІом беш долу хашадхойн эскар дерриг а хІаллакдахь а, царах чевнаш хилла тІемалой бен шайн четаршкахь бисина ца хилахь а, цара, хьала а гІевттина, шайн четаршна чуьра ара а бевлла, хІара гІала цІарца ягор яра“». Цо Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, Ярушалаймера массо а цІа а цІе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цІенош а дагийра.
Выбор основного перевода