Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адамаша детих латтанаш а оьцур ду, и латта оьцуш куьйгаш а теІадеш, мухІарца чІагІдина кехаташ а хир ду, и латта эцаран тешаш а хир бу. Иза Бен-Яман-махкахь а, Ярушалайман гонахарчу меттигашкахь а, ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, гунаш тІехь а, малхбузехьа долчу акъари тІехь а, иштта къилбехьа йолчу меттигашкахь а хир ду. Иза иштта хир ду, хІунда аьлча Ас оцу халкъан аьтто юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Адамаш а, дийнаташ а доцучу хІокху бассийначу махкахь а, оцу мехкан массо а гІаланашкахь а юха а дежийлаш хир ю, жаІушка шайн жашка цигахь садаІийтархьама. Лаьмнашкахь а, малхбузерачу акъарехь а, къилберачу махкахь а йолчу гІаланашкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Ярушалаймана гонах йолчу ярташкахь а, ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь а кхин цкъа шаьш дагардеш болчеран куьйга кІел жаш догІур ду», – боху Везачу Эло. Оцу дийнахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – шух хІораммо а шайн кемсана а, инжир-диттана а кІелахь Іа шайн уллораниг хьошалгІа кхойкхур ву“».
Выбор основного перевода