Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта хилча, тахана ас стигаллий, латтий тоьшалла дан схьакхойкху, Йордан-хина дехьа а девлла, аша шайн дола доккхуш долчу лаьтта тІехь шу сихха хІаллакьхир ду аьлла. Аша цигахь дукха хан а йоккхур яц, ткъа шу цигара хІаллакдина дІадохур ду. ХІара боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Дитташ схьа а хададай, Ярушалаймана гонах гІалин пенна тІеволийла кечъе. И гІала таІзар дан хьакъ долуш ю, иза гІело ярх юьзна йолу дела. Цара марханаш кхабахь а, цара орца даккхаре ладугІур долуш вац Со. Дийнаташ дагоран я кІен сагІанаш цара Суна дахахь а, Аса уьш тІеоьцур бац. Мелхо а, туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца хІаллакбийр бу Аса уьш». Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ойла е, мел бохам бер бу Ярушалаймана, Ас диъ таІзар – тур а, мацалла а, акхарой а, Іожаллин ун а – цунна тІе хьажадича, цуьнан бахархой а, церан даьхни а хІаллакдархьама! Сан ялхой болчу пайхамаршкахула Ас тІедиллина долу Сан дешнийн а, парзийн а тергам ца бина дела, шун дай жоьпе озийна! ТІаккха шун дай Суна тІе а боьрзура, цара иштта а олура: „Массо а ницкъийн Везачу Эло, тхан некъашка а, тхан гІуллакхашка а хьаьжжина, Ша тхуна дан билгалдаьккхинарг дина тхуна“».
Выбор основного перевода