Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунна тІехьа Узайн кІант Палали пен сеттачу меттигна дуьххьал пен тобеш вара. И меттиг бІаьвнна уллохь яра, паччахьан лакхара цІенош долчохь, цуьнан гІаролхой Іаш болчу уьйтІена генахь йоццуш. Цунна тІаьхьа ПарІушан кІанта Пади-ЯхІус а, Везачу Элера шолгІа а хаам кхечира Ярми-ЯхІуга, иза хІинца а гІаролхойн кертахь набахти чохь воллучу хенахь. ЦІадукъ-ЯхІус омра дира, Ярми-ЯхІу гІаролхойн кертахь чуволла, гІалахь долу бепиг чекхдаллалц цунна хІора дийнахь бепиг доттуш болчийн урамера бепиг а луш. Иштта, Ярми-ЯхІу гІаролхойн кертахь чувоьллина Іаш вара. Оцу наха Ярми-ЯхІу, гІаролхойн кертара схьа а эцна, Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант волчу Гадал-ЯхІун кара дІавелира, цуьнга иза шен цІа дІавигийтархьама. Ярми-ЯхІу шен халкъана юкъахь ваха висира.
Выбор основного перевода