Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цаьрга дечиган гериге: „Хьо сан да ву“ алалур ду, ткъа тІулге а алалур ду: „Ахьа со вина“, хІунда аьлча цара Суна шайн юьхьан метта букъ берзийна. Ткъа шайна бохам тІебеача, цара бохур ду: „Тхо кІелхьардахахьа!“ Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло, Исраилан Дала: хийца шайн дахар а, шайн гІуллакхаш а. Шайга бохург аша дахь, Аса кхузахь даха дуьтур ду шу. Малхбалехьарчу мохо санна, дІасадаржор ду Аса и халкъ цуьнан мостагІашна хьалха. Царна бохам тІекхаьчначу дийнахь, Сайн юьхь ца гойтуш, букъ берзор бу Аса царна». Аса шу долчу юх-юха а массо а Сайн ялхой болу пайхамарш бохуьйтура дІаала: ‹ДІадовла шайн вочу некъаш тІера, сацаде шаьш лелош долу хІуманаш, дІадовла кхечу деланашна тІаьхьара, царна Іамал а еш. Аша Аса бохург дахь, Ас шуна а, шун дайшна а деллачу хІокху лаьтта тІехь дехар ду шу›. Амма аша Ас шайга бохучуьнга ла ца дугІура. ТІаккха Цо со Везачу Элан цІийнан чоьхьарчу керта вигира. Цигахь суна охьатеІаш лаьтташ волу ткъе пхиъ боьрша стаг гира. Уьш цІийнан лабанний, сагІа доккхучу кхерчаний юккъехь лаьтташ бара, Везачу Элан цІенна букъ а берзийна. Церан яххьаш малхбалехьа дІайирзина яра, ткъа уьш шаьш малхана корта бетташ бара.
Выбор основного перевода