Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
безам а, Хьалдолу Эла, Хьан бу. Ша-ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, Хьо хІоранна а доггІург дІалуш ву. Ала Деле: «Айхьа дийриг мел ларамах дузуьйтуш ду! Хьан алссам болу ницкъ бахьанехь Хьан мостагІий а Хьуна хьалха текха. Схьа а дуьйлий, хьовсийша, Дала дечу гІуллакхашка. Адамийн дуьхьа Цо дийриг мел ларамах дузуьйтуш ду. «Цунах лаьцна ца хаьара тхуна», – ахь алахь, дегнаш Зуьйшволчо оцу хІуманан тидам ца бо те? Хьан дахар лардеш Волчунна и хІума дика хууш ду хьуна! Ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, стагана доггІург дІалур ду Цо Берриге а ницкъийн Везачу Элера схьа ду иза: тамашийна бу Цуьнан хьехам, сийлахь ду Цуьнан хьекъалалла! Цара мел деш дерг Суна гуш ду. Цаьрга цхьа а хІума Сох къайладаккхалур дац, церан къинош Сан бІаьргаш хьалха лаьтташ ду. Ткъа аша боху: „Везачу Элан лелар нийса дац“. Исраилан халкъ, хьох хІоранна а, цо лелийначуьнга хьаьжжина, кхел йийр ю Ас». Адамийн КІант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дІалур ду, хІораммо а динчуьнга хьаьжжина. Дала хІоранна а, цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина, йийр ю кхел.
Выбор основного перевода