Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Веза Эла абаденналц а, гуттаренна а Паччахь ву! Кхин къаьмнаш Цуьнан лаьтта тІера дІадовр ду. Цу пачхьалкхаша олалла дечу деношкахь стигалшкара Дала кхуллур ю цкъа а йохалур йоцу, цхьана а кхечу къоме эшалур йоцу пачхьалкх. Цо аьтта дІайохуьйтур ю массо а пачхьалкхаш, ткъа ша-м лаьттар ю иза даим. Цунна, адамийн кхетам дІа а баьккхина, экхан кхетам лур бу. Цунна ворхІ зама гур ю. адамех хьо дІакъастор ву. Дийнаташца хьан вахар хир ду. Старана санна, бецаш яор ю хьуна. Стигаларчу тхино тІадор ву хьо. ВорхІ зама дІаер ю, адамийн пачхьалкхаш тІехь олалла деш верг Веза Воккха Дела хиларх а, уьш Цо Шена луъучунна луш хиларх а хьо кхетале. Адамех дІакъастош ву хьо. Аренгара дийнаташца вехар ву хьо. Бежанашца бецаш яор ю хьуна. Адамийн пачхьалкхаш тІехь олалла деш верг Веза Воккха Дела хиларна а, уьш Шена луучунна Цо луш хиларна а хьо къера хилале, ворхІ зама ер ю“. Сан кхетам меттахІоьттинчу хенахь сан пачхьалкхан сийлалла а, сан хьолалла а, хьалхалера дарж а юхадирзира соьга. ТІаккха карийра со суна гонах хиллачу элашна а, уллорчу куьйгалхошна а. Со паччахьалла дан юхаметтахІоттийра, сан сийлалла кхин а лакхаделира. Ва паччахь! Веза Воккхачу Дала хьан дена, Набухди-Нецарна, совгІат а дина, паччахьалла а, возалла а, сийлалла а, цІе яккхар а деллера. Иза адамех дІахадийра. Цуьнан дог дийнатийн дагах тарделира. Иза вехира варрашца, старана санна, бецаш яайора цунна. Стигалара тхино цуьнан дегІ тІададора. Иштта дара, Веза Воккхачу Дала адамийн пачхьалкхаш тІехь олалла деш хиларх а, Цо Шена луъу паччахьаш дІахІиттабарх а, Набухди-Нецар кхетталц. Ас омра до, сан пачхьалкхан массо а маьІІехь адамаш, кхерамах дуьзна, дегадойла Даниалан Далла хьалха аьлла, Иза дийна волу Дела хиларна а, Цуьнан дахар даим долу дела а. Делан пачхьалкх йохалур йоцуш ю. Цуьнан олалла кхачалур доцуш ду. ТІаккха гатанан духарца хиш тІехь лаьттачу стага аьтту а, аьрру а куьйгаш стигала а айина, даим вехаш волчу Делах дуй а бууш, олуш хезира суна: «Заманан а, заманийн а, заманан эханан чаккхенгахь а, Делан нехан ницкъ эшор чекхдаьлча, хІара дерриг а чекхдер ду». гуттар а ерриг Якъубан тІаьхьенна тІехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац». и ткъе виъ къано Іаршана тІехь хиъна Волчунна хьалха охьа а вужий, ерриг а тІейогІучу заманна вехаш Волчунна суждане воьду. Цара, шайн таьжнаш Іаршана хьалха охьа а дохкуш, олу: ВорхІалгІачу малико а Шен карара турба лекхира. ТІаккха стигалахь чІогІа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тІера пачхьалкх хІинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тІейогІучу заманна паччахьалла дийр ду».
Выбор основного перевода