Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
«qac Хqac*алкъашна юкъахь дехар ду вай цуьнан ІиндагІехь» – оха аьлла верг, тхан дахаран са долу, Везачу Эло къобалвинарг, мостагІийн гуро а лаьцна, ор чу хаийна. Исраил-мехкан лекхачу лам тІехь дІадугІур ду Ас иза. Цу гаьннах доккха дитт хир ду, цунна тІехь стоьмаш а кхуьур бу. Цунах исбаьхьа хаза дитт хир ду, цуьнан гаьннаш юкъахь тайп-тайпана олхазарш хир ду, уьш цуьнан ІиндагІехь Іийр ду. Стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннашна юкъахь шайн бенаш дора, лаьттарчу акхароша цуьнан гаьннашна кІел шайн кІорнеш йора. Дуьненара сийлахь къаьмнаш цуьнан ІиндагІехь дехаш дара. Лекха а долуш, хаза дара и дитт, шена тІехь деха гаьннаш а долуш, цуьнан орамаш а хих Іаьбна дара. Цунна тІехь инзаре хаза гІаш а дара, алссам стоьмаш а, массарна баа кхача а бара. Цунна кІелахь аренгара дийнаташ Іара, ткъа цуьнан гаьннашна юккъехь стигалшкара олхазарша бенаш динера. Иза кхечу хІун буьртигаш юкъахь массарал а жима ду, амма, тІе а даьлла, доккха хилча, бешахь мел долчу орамател уггар а лекха хуьлу. Цунах дитт хуьлу, стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннаш юккъехь бенаш а деш». Амма иза дІадийначул тІаьхьа, хьала а долий, бешан дитташ юкъахь уггаре а доккха дитт хуьлий дІахІутту. Стигаларчу олхазарша а баннаш дан тарло цуьнан гаьннаш тІехь». Иза стага шен бешахь дІадийначу уггар жимачу хІуьнах тера ду. Цу хІуьнах, хьала а даьлла, дитт хилла. Стигаларчу олхазарша баннаш дина цуьнан гаьннаш тІехь».
Выбор основного перевода