Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ас и дитт къаьмнийн баьччанан кара дІаделира, цуьнга, цо лелийначу харцонашка хьаьжжина, цунна хьакъ дерг дайтархьама. Ас Сайн бешара дІадаьккхина иза. Уггаре къизачу кхечу къаьмнаша иза, хада а дина, дІатесира. Цуьнан гаьннаш лаьмнаш тІе а, тогІеш тІе а охьаэгна. Кегдина долу цуьнан кегий гаьннаш массо а боьранашна чуэгнера, дерриг а къаьмнаш, иза ша долчохь а дитина, цуьнан ІиндагІера дІадаханера. Со вижначохь сайна дуьхьалхІоьттинчу суьртехь суна гира Делан уллора долу гІарол-малик стигалшкара охьадуссуш. Цо мохь тоьххна чІогІа элира: ‘ХІара дитт дІахададе, цуьнан генаш а хададе. Цунна тІера гІаш охьадегаде. Цуьнан стоьмаш дІасакхийса. Цу диттан кІелхьара дийнаташ дІайовлийта. Цуьнан гаьннашна тІера олхазарш а дІадахийта. Ткъа хьуна, ва паччахь, Далла уллора стигалшкара вуссуш волу гІарол-малик гира. Цо элира: ‘И дитт дІахададе, хІаллакде, лаьттан бухахь цхьа коьрта орам бен ца буьтуш. Аьчкан а, цІестан а буржалшца дІа а къовлий, иза тІунбайта стигаларчу тхине, аренийн дийнаташца хилийта цуьнан дахар, ворхІ зама цунна тІехула чекхъяллалц’, – бохург, Оццу хенахь цІеххьана, пена чуьра схьадовлуш санна, адаман куьйган пІелгаша, ара а девлла, паччахьан цІа чохь къуьдана дуьхьал болчу пена тІерачу кирана тІехь йозанаш деш гира паччахьна. Амма Дала элира цуьнга: „Сонта стаг! Тховса буса хьан дахар хедар ду. Хьанна дуьсур ду ахь хьайна кечдинарг?“ – аьлла. Амма ХІарода Дела ца лерира, цундела цу сохьта Делан малико, цамгар а тоьхна, вожийра иза. НІаьнаша ваарна, хІаллакьхилира иза.
Выбор основного перевода