Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
«Аса массо а хІума цаьргара схьадоккхур ду. Кемсийн таьлланг тІехь цхьа а кемс юьтур яц, инжирийн дитта тІехь цхьа а инжир а юьтур яц, царна тІера гІаш а маргІалдулур ду. Аса царна мел делла долу хІума а кхиболчара схьадоккхур ду», – боху Везачу Эло. Цундела Хьалдолчу Эло иштта элира: «Хьо, стоммачу гаьннашна тІехула хьала а баьлла, иштта лакхабаларна а, хьо сийлахь хиларна хьан дог курадаларна а, Ас и дитт къаьмнийн баьччанан кара дІаделира, цуьнга, цо лелийначу харцонашка хьаьжжина, цунна хьакъ дерг дайтархьама. Ас Сайн бешара дІадаьккхина иза. Уггаре къизачу кхечу къаьмнаша иза, хада а дина, дІатесира. Цуьнан гаьннаш лаьмнаш тІе а, тогІеш тІе а охьаэгна. Кегдина долу цуьнан кегий гаьннаш массо а боьранашна чуэгнера, дерриг а къаьмнаш, иза ша долчохь а дитина, цуьнан ІиндагІера дІадаханера. Дамардарц хилла Іуьллучу цу дитта тІехь стигалара тайп-тайпана олхазарш дара, иштта цуьнан гаьннаш юкъахь лелаш хьуьнхара акхарой а яра. Иза дина, дика хи молуш долу цхьа а дитт, ша доккха хилча, кура ца далийта а, иза, шен лакхалла бахьана долуш, вукху диттийн гаьннашна юкъара хьала а даьлла, мархашна тІекхача ца гІертийта а. ХІунда аьлча, уьш массо а, кхидолу адамаш санна, Іожалле дІахьажийна бу, уьш а, вуьш адамаш санна, белла нах дІабохуьйтучу метте дІабохуьйтур бу». Орамашна тІехула диг хьалаайина ду: шена тІе пайден болу стом латош доцу хІора дитт, хада а дой, цІера юккъе кхуссу.
Выбор основного перевода