Паччахьо омра дира, бозбунчаш, палтуьйсурш, жинашца тайнарш, седа-жайна хьовсурш схьакхайкха аьлла, цаьрга шена гІенах гина суьрташ схьадийцийтархьама. Уьш, баьхкина, паччахьна хьалха дІахІиттира.
Даниала паччахье жоп делира: «Паччахь, ахьа хоьттуш йолу къайле хуур яц хьекъалалла долчарна а, эвлаяашна а, бозбунчашна а, палтосучарна а.