Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Хьуна моьтту хьо Даниалачул сов хьекъал долуш ю, къайлаха дерг дерриг а хьайна хуур ду а моьтту хьуна. Седа-жайна хьовсучара арамхойн маттахь элира паччахье: «Паччахь! Вехийла хьо даим! Дийцахь хьайн лешка и гІан, тІаккха дуьйцур ду оха цуьнан маьІна». Паччахьо, жоп луш, элира седа-жайна хьовсучаьрга: «Ас чІагІо йина, нагахь санна аша сан гІан а, цуьнан маьІна а суна ца дийцахь, шух, аьтта, кескаш яйта а, шун цІенойх саьлнаш йита а. Паччахьо элира Даниале: «Баккъалла ву шун Дела массо а деланийн Дела а, паччахьийн Олахо а, къайленаш йовзуьйтуш волу, хІунда аьлча хьуна а и къайле Цо йовзийтина дела». ТІаккха даржехь лакхаваьккхира паччахьо Даниал. Дуккха даккхий совгІаташ делира цо цунна. Бавел-мехкан цхьана декъа тІехь а, бавелхойн хьекъалалла долчарна тІехь а коьрта хьаькам хІоттийра цо иза. Шеца безачу деланийн са долуш цхьа къонах ву хьан пачхьалкхехь. Деланашкара долуш санна, серло, хьекъал, хьекъалалла цуьнгахь карийнера, хьан дас олалла динчу хенахь. ХІетахь хьан дас Набухди-Нецар-паччахьо и къонах, бозбунчашна а, эвлаяашна а, седа-жайна хьовсучарна а, палтуьйсучарна а тІехь коьртаниг а вина, дІахІоттийнера. И динера хьан дас ша паччахь волуш,
Выбор основного перевода