Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цо элира: «Веза Эла Синай-ломера схьавеана, СеІир-махкара халкъана тІе, сатасар санна, гучуваьлла, Иза Паран-ломара нахана тІе къегаш хилла. Вуно дукха маликаш дара Цуьнца цхьаьна, Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара. qac Кqac*Іелхьарбоху Везачу Элан Малико Цунах кхоьруш бехарш. Царна гонах а хьийзаш, Цо уьш лар а бо. Везачу Эло Шен маликашна тІедуьллур ду массо а хьан некъашкахь хьо ларвар. Хьуна гина долу доккха а, онда а дитт, стигала кхаччалц лекха а дара, дуьненан йистера дуьйна гуш а дара. Ткъа, диттан коьрта орам бита аьлла, динчу омрано гойту, олалла стигалшкара хиларна хьо къера хилча, хьан пачхьалкх юха а хьуна юьсург хилар. Бавел-мехкан паччахьо Белшацара куьйгалла дечу хьалхарчу шарахь Даниална вижначохь гІенах суьрташ дуьхьалхІиттира. ХІетахь и шена гина гІан, цуьнан маьІна а дуьйцуш, дІаяздира Даниала. Суна хезира цхьа малик цхьаьнга дистхуьлуш: «Мел яхлур ю те хІора дийнахь доккхучу сагІанах а, Далла вас еш долу къилахь хІуманаш лелорах а, Делан цІа а, Делан эскар а когашца хьешарх а лаьцна дуьхьалхІуттучу суьртехь юьйцу зама?» Ацала кхаччалц дІаяьржина йолчу оцу Сан тогІенехула дІадовдур ду шу, яхІудхойн паччахь хиллачу Іузи-ЯхІун деношкахь мохк бегийча шун дай дІабевдда ма-хиллара. ТІаккха сан Веза Дела схьавогІур ву, Цуьнца цхьаьна массо а маликаш а.
Выбор основного перевода