Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
«Гой хьуна, Ахьаба Суна хьалха ша мел лахара хетийтира? Суна хьалха цо ша лахара хетийтарна, иза вехачу ханна бохкуьйтур бац Аса цунна тІе баланаш. Ахьабан кІант вехачу заманахь цуьнан цІенна тІе балор бу Аса и баланаш». Декъала ву гІийлачун гІайгІа беш верг! Холчу хІоьттича, Везачу Эло паргІатвоккхур ву иза. Везачу Эло лар а вийр ву, дийна а вуьтур ву иза. Ша лаьттахь йоккхучу хенахь иза декъала хир ву. Цуьнан мостагІийн лаамийн дола Ахьа дІа ма лохьа иза. Цомгуш а хилла, меттахь висча а, Везачу Эло иза чІагІво. Цуьнан цамгарх Ахь иза то а во. Нахе болу безам а, тешаме хилар а бахьана долуш къинош дІадоху. Везачу Эле ларамах вуьзна хилар бахьана долуш стаг вонах генаволу. Къен стаг шен гергарчарна ца веза – цул сов, доттагІий а дІабоьрзу цунах. Царна тІаьхьа а ваьлла, цо цаьрга гІо мел дехарх, царна иза хезар вац. Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь. Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь. Іесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо – шен ойланаш. Везачу Элана тІевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу – Вайн Далла тІе, хІунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду. амма и къам ша лелийначу вонах дІадерзахь, тІаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса царна лерина бохам бийр бац. Ткъа зуламхочо, къинош леторан некъ а битина, Сан парзаш лар а деш, бакъдерг а, нийсо а лелаяхь, иза билггал вехар ву, лийр а вац. Цо мел лелийна вонаш дагадоуьйтур дац. И стаг, ша дина нийса хІуманаш бахьана долуш, вехар ву. ТІаккха гира Далла церан дика ойланаш а, уьш шайн зуламечу новкъара юхабовлар а. ТІаккха юхавелира Дела Ша царна бийр бу аьллачу бохамна, Цо бан а ца бира царна и бохам. Декъалбина бу къинхетаме берш – царах а бийр бу къинхетам. Іийсас жоп делира: «Кхачамалла йолуш хьо хила лууш велахь, ваха а гІой, хьайн мел долу хІума дІа а дохкий, къечарна дІасадекъа, тІаккха стигалахь жовхІар хир ду хьан. ТІаккха, схьа а волий, Суна тІаьхьахІотта». Хьайн къинна дохко а валий, Деле деха, Цо хьан дагахь хиллачунна гечдан а мега хьуна. Шен мостагІашна а эсала хьехамаш бан беза цо. Дала царна а дохкодовлар а, билггал бакъдерг довзар а дала тарло.
Выбор основного перевода