Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цунна хІума дІадаккха лаахь, Иза хьаьнга сацалур ву? Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа иза хІунда до?“ Тхан Дела стигалахь ву, Цо Шена луъург а до. Везачу Эло Шена луъург до стигалшкахь а, лаьтта тІехь а, хІордашкахь а, массо а хин кІоргенашкахь а. Цу тІе, паччахьан дош уггаре а нуьцкъала ду, цундела хьан эр дара цуьнга: «Ахьа хІун леладо?» хІунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло къастийнарг хьаьнга дІадаккхалур ду? Цо кховдийна куьг хьаьнга сацалур ду? Дерриг а халкъаш Цунна хьалха хІумма а яц. Уьш хІумма йоцучу хІуманал кІезиг а, даьсса а лоруш ду Цуьнан. Дуьххьарлерчу деношкара схьа Со Дела ву. Сан куьйгах цхьаммо а кІелхьарвоккхур вац. Ас динарг хьаьнга юхадерзалур ду?» Декъаза ву ша Кхоьллинчуьнца къийсалуш верг, лаьттах йинчу кхабанашна юкъахь цхьаъ бен йоцург! Поппаро куьпчичуьнга хоттур дуй те: «Хьо хІун деш ву?» Йинчу хІумано ша йиначух эр дуй те: «Цуьнан куьйгаш дац»? Ткъа мила ву хьо, стаг, Делаца къийсавала? Йинчу хІумано эр дуй ша йиначуьнга: «Со иштта хІунда йина ахьа?»
Выбор основного перевода