Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Со вижначохь сайна дуьхьалхІоьттинчу суьртехь суна гира Делан уллора долу гІарол-малик стигалшкара охьадуссуш. Цо мохь тоьххна чІогІа элира: ‘ХІара дитт дІахададе, цуьнан генаш а хададе. Цунна тІера гІаш охьадегаде. Цуьнан стоьмаш дІасакхийса. Цу диттан кІелхьара дийнаташ дІайовлийта. Цуьнан гаьннашна тІера олхазарш а дІадахийта. Амма аьчкан а, цІестан а буржалшца дІа а къовлий, цуьнан коьрта орам лаьттан бухахь бита, аренийн бецашна юккъехь. Стигаларчу тхине иза тІунбайта, ткъа цуьнан дахар лаьттарчу бецашна а, дийнаташна а юкъахь хилийта. Цунна, адамийн кхетам дІа а баьккхина, экхан кхетам лур бу. Цунна ворхІ зама гур ю. Далла уллора долчу гІарол-маликийн омрано билгалдаьккхина а дара, Далла уллохь болчеран кхелаца хІоттийна а дара, бехачарна хаийтархьама, Веза Воккхачу Дала адамийн пачхьалкхашкахь олалла дойла а, уьш Шена луучунна Цо луш хилар а, адамашна юкъахь уггар а ларамза волчунна царна тІехь олалла далар а’. Иза адамех дІахадийра. Цуьнан дог дийнатийн дагах тарделира. Иза вехира варрашца, старана санна, бецаш яайора цунна. Стигалара тхино цуьнан дегІ тІададора. Иштта дара, Веза Воккхачу Дала адамийн пачхьалкхаш тІехь олалла деш хиларх а, Цо Шена луъу паччахьаш дІахІиттабарх а, Набухди-Нецар кхетталц.
Выбор основного перевода