Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Хьуна, паччахь, иштта сурт хІоьттинера: лаьтташ дара тайп-тайпанчу гІирсех дина цхьа доккха сурт. Инзаре доккха дара иза. Исбаьхьа лепаш лаьттара и хьуна хьалха. Кхераме дара цуьнан васт. Ткъа, диттан коьрта орам бита аьлла, динчу омрано гойту, олалла стигалшкара хиларна хьо къера хилча, хьан пачхьалкх юха а хьуна юьсург хилар. „ХІара яц ткъа аса олалла дечу хенахь сайн цІе яккхийтархьама, сайн нуьцкъаллица сан пачхьалкхан цІа хилийта йина йолу Бавел-гІала!“ «И денош дІадевлча, аса, Набухди-Нецара, бІаьргаш стигала хьалахьажийра. Кхетам меттахІоьттира сан. Веза Воккхачу Далла хастам а бира ас, даим вехаш волу Дела ваз а вира ас. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан паччахьалла тІаьхьенашкара тІаьхьенашка ду.
Выбор основного перевода