Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Шен элашка пирІуно хаьттира: «ХІара стаг санна верг вайна кхин мила карор ву, шена чохь Делан Са а долуш?» Хьуна моьтту хьо Даниалачул сов хьекъал долуш ю, къайлаха дерг дерриг а хьайна хуур ду а моьтту хьуна. Паччахьан кертара хьаькамийн коьртачу куьйгалхочо церан цІераш хийцира. Даниалх – Бел-Ташацар элира, Хьанан-ЯхІух – Шадрак элира, Мишаалах – Мешак элира, ткъа Іазар-ЯхІуна Іабди-Нага боху цІе тиллира. Паччахьо, Бел-Ташацар аьлла, цІе тиллина волчу Даниале хаьттира: «Дийцалур дуй хьоьга суна гина гІан а, цуьнан маьІна а?» Шеца безачу деланийн са долуш цхьа къонах ву хьан пачхьалкхехь. Деланашкара долуш санна, серло, хьекъал, хьекъалалла цуьнгахь карийнера, хьан дас олалла динчу хенахь. ХІетахь хьан дас Набухди-Нецар-паччахьо и къонах, бозбунчашна а, эвлаяашна а, седа-жайна хьовсучарна а, палтуьйсучарна а тІехь коьртаниг а вина, дІахІоттийнера. И динера хьан дас ша паччахь волуш, Хьоьца безачу деланийн са хиларх а, серло а, кхетам а, лаккхара хьекъалалла а хьоьгахь карорах а лаьцна суна хезна.
Выбор основного перевода