Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Веза Эла емал а веш, хьайн геланчашкахула ахьа бохура: ‹Сайн дуккха а йолчу гІудалкхашца ломан лакхенашка хьалаваьлла со, Ливанунан уггар лакхарчу регІа тІе. Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а, тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса. Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а, къаьсттина юькъачу хьуьне а кхаьчна со. Хийрачу мехкашкахь гІунаш схьа а йостуш, царна чуьра хи мийлина аса. Сайн когийн айрашца Мисар-махкара дерриг а хиш лакъийна аса›. адамех хьо дІакъастор ву. Дийнаташца хьан вахар хир ду. Старана санна, бецаш яор ю хьуна. Стигаларчу тхино тІадор ву хьо. ВорхІ зама дІаер ю, адамийн пачхьалкхаш тІехь олалла деш верг Веза Воккха Дела хиларх а, уьш Цо Шена луъучунна луш хиларх а хьо кхетале. Амма цуьнан дог курадаьлча, синца иза тІех къиза дарвелча, цуьнгара паччахьалла дІадаьккхира, цуьнан цІе яккхар дайира. Иза адамех дІахадийра. Цуьнан дог дийнатийн дагах тарделира. Иза вехира варрашца, старана санна, бецаш яайора цунна. Стигалара тхино цуьнан дегІ тІададора. Иштта дара, Веза Воккхачу Дала адамийн пачхьалкхаш тІехь олалла деш хиларх а, Цо Шена луъу паччахьаш дІахІиттабарх а, Набухди-Нецар кхетталц. Хаам хІара бу: „Лакхара хьоьжучух лаьцна аьлча, цунна чохь догцІеналла яц. Ткъа Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву.
Выбор основного перевода