Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Набухди-Нецара паччахьалла дечу шолгІачу шарахь цунна гора гІенаш. Уьш бахьана долуш синтем боцуш а, наб яйна а вара иза. Амма ву стигалшкахь къайленаш дІайоьллуш волу Дела. Цо дІадоьллу Набухди-Нецар-паччахьна тІаьхьарчу заманчохь хиндерг. Хьо дІавижна волуш хьан коьрта чохь хьуна гина гІан а, сурт а иштта дара: ДІавижна волуш, паччахь, хьо ойла еш вара: „ХІун хир ду те хІинцачул тІаьхьа?“ – бохуш. И къайленаш дІайоьллуш Волчо хьуна хиндерг гайтира.
Выбор основного перевода