Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Везачу Эло къен верг чена юккъера хьалаайаво, овкъарш юккъера мисканиг схьавоккху. Иза хьалдолчаьрца нийсса дІахІоттаво, цаьрга паччахьаллин сийнна шерет дойту. Дуьненан бух Везачу Элан ма бу, цу тІехь Латта ДІахІоттийнарг а Иза ву. Веза Эла Цо йинчу кхелехула вевзинера. Іесанаш шайн куьйга динчу гІуллакхаша дІалаьцна. Къен верг Цо хьала а воккху хотта юкъара, мисканиг Цо хьала а ойу ченна юкъара. Цо уьш элашна юкъа охьаховшабо, шайн халкъах болчу элашна ховшабо. ‘Сайн боккхачу ницкъаца а, тІекховдийначу куьйгаца латта а, адамаш а, лаьтта тІера бежанаш а кхоьллина Аса. Сайна мел луучун кара Аса и латта дІало. Ва паччахь! Веза Воккхачу Дала хьан дена, Набухди-Нецарна, совгІат а дина, паччахьалла а, возалла а, сийлалла а, цІе яккхар а деллера. Дала цунна елла йолчу сийлаллех массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а долу адамаш цунах кхералора, озалора. Шена лиънарг воьра цо, шена лиънарг дийна вуьтура цо. Шена лиънарг вазвора, шена лиънарг кІезиг хоьтуьйтура. Иза адамех дІахадийра. Цуьнан дог дийнатийн дагах тарделира. Иза вехира варрашца, старана санна, бецаш яайора цунна. Стигалара тхино цуьнан дегІ тІададора. Иштта дара, Веза Воккхачу Дала адамийн пачхьалкхаш тІехь олалла деш хиларх а, Цо Шена луъу паччахьаш дІахІиттабарх а, Набухди-Нецар кхетталц. Цуьнан метта дІахІуттур ву шех дог доккхуьйтуш верг, паччахьан санна, сий дийр дац цуьнан, амма иза гІар-тата доцуш вогІур а ву, мекарлонца цо и паччахьалла шен дола доккхур а ду.
Выбор основного перевода