Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ХІинца хиъна суна, Веза Эла массо а деланел веза вуйла, исраилхойх ца бешаш лелла болчу мисархошна Цо хІара дерриг дина дела». Иза тарх а ю, Цуьнан гІуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву. ХІунда аьлча Везачу Элан дош билггал бакъ ду, Ша мел дечу гІуллакхаш тІехь тешаме ву Иза. Цунна бакъдерг а, нийсо а еза. Везачу Элан хедар боцу безамах дуьзна ду латта. qac Оqac*нда а, нийса а ду Цуьнан куьйгаша мел дийриг. Пайда эцарца теша мегар ду массо а Цуьнан тІедехкинчарах. Ша кхечарал лакхара хеташ верг лохха хІоттор ву, ткъа эсала са долчун сий хир ду. Амма цуьнан дог курадаьлча, синца иза тІех къиза дарвелча, цуьнгара паччахьалла дІадаьккхира, цуьнан цІе яккхар дайира. ткъа стигалшкара Везачу Элана дуьхьал а ваьлла, Цуьнан ЦІенна чуьра пхьегІаш яийтира ахь. Ахьа а, хьан уллорчу куьйгалхоша а, хьан зударша а, хьан гІарбашаша а царна чуьра чагІар мийлира. ХІумма а гуш, хезаш, хууш боцу дато а, дашо а, йоьзан а, аьчкан а, дечиган а, тІулган деланаш ахь, базбеш, хастийра. Ткъа хьан садеІар а, ахь мел боккху ког а карахь волчу Делан ахь сий ца дира. Шен нуьцкъалчу куьйгаца Цо сийлахь гІуллакхаш кхочушдина, Цо, баржийна, дІасабаьхна шайн дегнашкахь курабевлларш, Билггала боху шуьга, цу шиннах геч а дина цІа ваханарг ял гулъеш верг ву. ХІунда аьлча хІора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву». Цара Далла гІуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Іахаран а илли олура: «Даккхий а, инзаре а ду Хьан гІуллакхаш, массо а ницкъийн Веза Дела! Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш, дуьненан къаьмнийн Паччахь!
Выбор основного перевода