Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Іуьйранна синтем байна вара иза. Мисар-махкара массо а бозбунча а, хьекъал долу стаг а схьа а кхайкхина, царна шен гІенаш дийцира цо. Амма цхьанна а церан маьІна дан ца хиира. ПирІуно элира Юсупе: «Суна гІан гина, амма цхьаьнгге а цуьнан маьІна ца дало. Суна хезнера хьох лаьцна, хьо гІенех дерг девзаш а, церан маьІна дан хууш а ву бохуш». Цу веа а къонахчунна массо а тайпана тептарех кхетар а, Іилма хаар а, хьекъал а делира Дала. Ткъа Даниална, цул совнаха, гина гІенаш а, самах дуьхьалхІуьтту суьрташ а тида хаар делира. ХІетахь баьхкира бозбунчаш а, эвлаяаш а, седа-жайна хьовсурш а, палтуьйсурш а. Аса сайн гІан цаьрга дийцира, амма царна ца хиира цуьнан маьІна. „Бел-Ташацар! Бозбунчийн коьртаниг! Суна хаьа хьоьца безачу деланийн са дуйла а, цхьа а къайле йовза хьуна хала ца хуьлийла а. Кхетавехьа со суна гІенах дуьхьалхІоьттинчу суьртах а, цуьнан маьІнах а. Амма оцу чубаьхкинчу хьекъалалла долчех цхьанна а и йоза деша а, цуьнан маьІна дан а ца хиира. ХІара хьекъалалла дерш а, бозбунчаш а балийнера со волчу, йоза дешийтархьама а, цуьнан маьІна соьга дийцийтархьама а, амма царна суна иза дийца ца хии. Даниал кхечу элел а, тхьамданел а къаьсташ вара: цуьнгахь къаьсттина тІех долу хьекъалалла дара. Ерриге а пачхьалкхана тІехь иза коьртаниг а вина, дІахІотто дагадеанера паччахьна.
Выбор основного перевода