Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ТІаккха Ната-пайхамаро Дауде элира: «Хьо ву-кх и стаг! Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Аса хьо Исраилан халкъана тІехь паччахь хилийта къобалвина. Аса ваьккхина хьо Шаулан куьйга кІелара схьа. Ткъа хІинца Аса хІара массо а хІума Сайн лай волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дІало. Аса аренан акхарой а цунна гІуллакх дан дІало. Массо а халкъаш цунна а, цуьнан кІантана а, цуьнан кІентан кІантана а гІуллакх деш хир ду. Иза иштта хир ду, Бавел эшна хир йолу заман тІекхаччалц. ТІаккха дуккха а къаьмнаша а, сийлахьчу паччахьаша а Бавел-мохк муьтІахь бийр бу. Нагахь санна цхьа къам я пачхьалкх Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дуьхьал далахь, цуьнан дуькъана хьалха шен ворта охьа а ца таІош, цу къомана Аса туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца таІзар дийр ду, – боху Везачу Эло, – и къам Аса Набухди-Нецаре кхоччуш хІаллакдайтталц. Хьажал Ливанун-ломара баганан дитт санна болчу Ашур-махке, шена тІехь хаза гаьннаш а долуш, ІиндагІ луш гІа а долуш болчу. Цуьнан бохь мархашна юкъахь бара. Хьо ву паччахь, паччахьийн а паччахь, стигалшкара Дала паччахьалла а, олалла а, ницкъ а, сийлалла а делла волу. Цо делла хьан кара массо а адамаш, уьш миччанхьа дехаш делахь а, лаьттан дийнаташ, стигалшкара олхазарш, хьо царна тІехь олахо а вина Цо. И дашо корта – хьо ву! Ва паччахь! Веза Воккхачу Дала хьан дена, Набухди-Нецарна, совгІат а дина, паччахьалла а, возалла а, сийлалла а, цІе яккхар а деллера. Дала цунна елла йолчу сийлаллех массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а долу адамаш цунах кхералора, озалора. Шена лиънарг воьра цо, шена лиънарг дийна вуьтура цо. Шена лиънарг вазвора, шена лиънарг кІезиг хоьтуьйтура.
Выбор основного перевода