Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Уьш юьхьІаьржачу хІиттабехьа, Веза Эла, Хьайга кхайкхийтархьама. ЮьхьІаьржачу а хІиттина, боьхна лелийла уьш гуттар а, эхь а доьссина, хІаллакьхуьлийла уьш. Шен цІе Веза Эла йолуш волу Хьо бен Воцург, дерриге а лаьтта тІехь Веза Воккханиг хилар дІахоийла царна. ‘Сайн боккхачу ницкъаца а, тІекховдийначу куьйгаца латта а, адамаш а, лаьтта тІера бежанаш а кхоьллина Аса. Сайна мел луучун кара Аса и латта дІало. Иза адамех дІахадийра. Цуьнан дог дийнатийн дагах тарделира. Иза вехира варрашца, старана санна, бецаш яайора цунна. Стигалара тхино цуьнан дегІ тІададора. Иштта дара, Веза Воккхачу Дала адамийн пачхьалкхаш тІехь олалла деш хиларх а, Цо Шена луъу паччахьаш дІахІиттабарх а, Набухди-Нецар кхетталц.
Выбор основного перевода